Администрация Кади-Юртовского сельского поселения 
Администрация Кади-Юртовского сельского поселения Гудермесского муниципального района Чеченской Республики

История

Хиллачийн лорах- тахане.

(Къеди-Юьртах лаьцна 1убайдан къамел)

Грозный – Хасавюрт аьчган некъана къилбехьа аг1ор  1уьллуш ю Къеди-Юрт ц1е йолу шира юрт.  Юрт йиллина шо 1850 лоруш ду.  Баккхийчара дийцарехь, 1828 шарахь  ч1ирхоша  Таймин Биболт вийча, цуьнан доттаг1аша, накъосташа,  гергарчу наха кхеташо йина хилла, кхид1а Къеди-Юьртахь хин долчу хьокъехь. Цу т1е доьг1на Къеди-Юрт 1850 шарахь йиллина йоцуш, мелла хьалха йиллина хиларан сурт х1оттало.

Къеди-Юьртана гонаха къилбаседехьа 1уьллу Азамат-Юрт,  къилбаседа-малхбалехьа – ярташ Энгель- Эвла, Лаха-Герзелэвла , Хошкалде, къилба-малхбузехьа ярташ – Мелчхе, Ойсхара, Нойбера, къилбаседа-малхбузехьа – Комсомольское, Хаьнгаш-Юрт.

  Юьрта юккъехь юьртан  кхеташо а, милици а, цунна дуьхьал болх беш медпункт а ю. Иштта юьртахь ду доккха рузбанан маьждиг а, школа а.

Тахана юьртахь 4673 стаг веха. Юьртан ц1е шина дашах лаьтта. Къеди (дуьххьара юьрта ваха веанчун ц1е), юрт.

Дуьххьара юрт йиллар Имам Шемал заманера дуьйна схьадог1уш ду. Ша Къеди тайпана айткхаьлло хилла. Баккхийчийн дийцаршца Къеди а, цуьнан 7 к1ант а керлачу метте баха ховшархьама, г1ишлошна хьун хьакха бахана.

     Имам Шемала, т1е а кхаьчна керлачу меттехь баха охьаховшар, дихкина хилла царна, шен эскарна д1асадала новкъарло хуьлу аьлла. Амма вукхара цо бохучуьнга ла ца доьг1на. Шемала царна та1зар дан лерина. Оцу тасадаларехь Къедин 7 к1ант вийна. Х1етте а цо и юрт йиллина хилла бохуш дуьйцу.

     Хьалхо юрт кхечу меттехь хилла, аьчган некъана юьстахо, Хаьнгиш-Юьртана юххехьо. Юрт кхузза ягийна хилла цхьацца бахьанашца, амма х1оразза а керлачу меттехь юхаюьллуш хилла.

Шен заманчохь обарг Зеламха а веана хилла бохуш дуьйцу къаноша. Цо, ц1ерпошт саца а йина, цу т1ера паччахьан 18 эпсар охьа а ваьккхина, царна тоьпаш  тоьхна хилла. Иштта цо, Соьлжа-Г1алахь оьрсийн эпсарша байинчарна дуьхьал бекхам эцна.

       1890 шарахь англичанаша аьчган некъ биллина кху юьртахула чекхболуш. 1893 шеран 6 ноябрехь и некъ д1абиллина.


 

Юьртан  кешнашкахь Маси-Хьаьжин зиярат ду(1822-1892ш.).  Сесанара а волуш, Ташу-Хьаьжас деша ваийтина хилла и  бохуш дуьйцу.  Иза д1акхелхинчу шарахь (1892ш. ) цуьнан коша т1ехь зих1арт дина.

1944 шарахь халкъ махках доккхуш дохийна зиярат.  1988 шарахь юьртан имам Гакаев Сайдак коьртехь а волуш, юьртахоша юхаметтах1оттийна иза. Цуьнан т1аьхьенах нах Къеди-Юьртахь болуш бу.

   Халкъ махках даккхале 1944 шарахь юьртахь «Новый путь-2» колхоз хилла, председатель Решедов 1абдулхьамид волуш «1944 шарахь Къеди-Юьртара  бахархой Юккъерчу Азе даьхни д1асакхоьхьучу вагонаш т1е баьхна Къеди-Юрт станцера д1абигна»,- бохуш дуьйцура Болтаев Увайса, шен схьавалар кхузара а долуш, кху аьчган некъан хьаькам лаьттинчу.

        1960 шарахь юьртахой ц1а бахка буьйлабелира. 1964 шарахь юьртахь ши урам бара. Цхьана ц1а чохь 8 шеран ишкол д1айиллира. Ткъа дешаран юккъера ишкол  1972 шарахь йиллина. Дуьххьарлерачу ишколан директор Минкаилов Рамзан Сапаевич хилла.  1860 шерашкахь махкахбахар юьртахойх ца хьакхалуш ца дисира. Церан т1аьхьенах нах х1инца а бехаш бу Иорданехь, Сирехь, Туркойн махкахь.

Уьш 1970 шерашкахь шайн дай баьхначу махка а баьхкинера.

Цара дагалецарехь уьш, цу хенахь, аьчган некъана т1ехьа Мурд- 1ам болччохь баьхнера.

Оьрсийн-Туркойн т1еман декъашхой, 1877 шарахь, Давлиев Хьажмурд, Баматов Джамал кху юьртара хилла. «Акха дивизии» олучу полкехь а Къеди-Юьртара  кхо стаг хилла.  Юьртахь афгански т1еман ветеранаш а бу: Рещедов Исмаил, Эзерханов Майрудди, Баймурадов Саламу, Чернобылехь хилла декъашхо Гачалаев 1убайд. Иштта кхузахь ваьхна Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1еман ветеран Баутдинов 1абдулхьамид. Иза д1акхелхина 2000 шераш дуьйлалуш. Иштта Нохчийчохь контртеррористически операции д1ахьош Даймохк мостаг1ех д1ац1анбеш д1акхелхина юьртара 12 къонах:

1. Минкаилов Б.А.

2. Рашаев В. З.

3. Арсункаев А.Ш.

4. Алхотов Д.Ю.

5. Умаров Л.Ш.

6.  Умаров Р.П.

7. Мунталов Н.У.

8. Джабраилов Р.Т.

9. Джабраилов Т.Ж.

10. Сулейманов У.Р.

11. Сулиманов С.С.

12. Жандаев К.Х.

Республикан хьелаш тодарехь, кхиорехь шайн хьакъ йоллу меттиг д1алоцуш дакъалоцуш бу юьртара кегийрхой:

Рашаев Забек Зубайраевич – парламентан депутат (ишколехь хьехархочун болх а бина),

Касумов Салман Абайдаевич  – чекхъяьккхина Грозненски нефтяной

 институт, Грозненски Газпроман коьрта инженер;

 Берсункаев Г1аиб Элишбаевич – чекхъяьккхина Свердловски юридически институт, болх беш ву Нохчийчоьнан Парламентехь бакъонан департаментан директоран даржехь;

Арсанукаев Шахрудди Шахидович  – Къеди-Юьртан администрацин куьйгалхо (ишколехь хьехархочун болх бина);

Сулейманов Сайдселим Решетбекович – Наурски к1оштан администрацин куьйгалхочун заместитель; Арсункаев Расул Муридович – юьртан имам;

 Яхъяев Салавди Амиевич – Наурски к1оштан депутатийн кхеташонан председатель;

Хахаев 1умар Эльмурзаевич -  «Кади-Юртовски» госхозан директор.

Юьртара ишкол чекхъяьккхина: Майраллин орденца, А.Х. Кадыровн ц1арах йолу ордена а совг1ат дина А.Х. Кадыровн ц1арах йолчу нефтеполкан штабан начальникна Рашаев Султан Зубайраевична.

Иштта майраллин орденашца совг1аташ дина Абубакаров Ю.Б.,                    Рашаев З.З.,

Сулиманов С.Р. Иштта юьртан дозалла хилла д1ах1оьттина  стохка  школа чекхъяьккхина Тулуев Исма1ал. Иза дуккха а республикан а, союзан а т1ег1ан т1ехь д1аяьхьначу охьатухуш латаран чемпионатан призер ву. Цуьнца и болх беш цуьнан тренер, тхан ишколехь дешна Банаев Руслан  Вахаевич ву.

Юьртара дуккха а кегийрхой а, мехкарий а юккъерчу, лакхарчу дешаран

Сердце Кади-Юрта

Сайт использует сервис веб-аналитики Яндекс Метрика с помощью технологии «cookie». Это позволяет нам анализировать взаимодействие посетителей с сайтом и делать его лучше. Продолжая пользоваться сайтом, вы соглашаетесь с использованием файлов cookie